1954 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1950 · 1951 · 1952 · 1953 — 1954 — 1955 · 1956 · 1957 · 1958 |
Итта шераш |
1930‑гӀа · 1940‑гӀа — 1950‑гӀа — 1960‑гӀа · 1970‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларг
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Соьлжа-гӀалахь П. Мусоров цӀарах йолу майданехь хьайиллина Граждански тӀеман турпалхойн памятник (1954 шеран 6 ноябрь)
Оцу шарахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Абаев, Султан Шамсутдинович (1954 шеран 1 ноябрь) — нохчийн художник, Нохчийн Республикин а, Российн а художникийн тобанийн декъашхо, Российн Сийлахь художник;
- Ахмадов, Рамзан Аюбович (1954 шеран 30 май) — хелхархо, хореограф, «Даймохк» ансамблан кхоллархо а, куьйгалхо а, Нохч-ГӀалгӀай АССР Халкъан артист, Российн Халкъан артист, Нохчийн Республикин культурин министран хьалхара когаметтаниг;
- Бицираев, Сайдхусейн (1954 шеран 30 январь) — Нохчийн Республикин Сийлахь художник, Российн Сийлахь художник;
- Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн йаздархо, прозаик, Нохчичоьн а, Российн а йаздархойн союзашан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» номинацехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо;
- Гериханов, Ихван Баудинович (вина 1954 шеран 17 апрелехь, Кхазакхийн ССР Карагандан областера, Караганда гӀалахь) — Нохчийн Республикин политикин а, пачхьалкхан а, йукъараллин гӀуллакххо, юридически Ӏилманийн кандидат, республикин дуьххьарчех Ӏилманча юрист.
- Халидов Айса Идрисович (1954 шеран 10 ноябрь) — филолог;
Оцу шарахь белларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Кало, Фрида (1907 шеран 6 июль — 1954 шеран 13 июль), — мексикин художник, шен автопортреташ бахьнехь евзуш йолу;
- Матисс, Анри (1869 шеран 31 декабрь — 1954 шеран 3 ноябрь) — французийн художник а, скульптор а, фовистийн боламан лидер. Вевзуш ву шен эмоциш кепца а, босца а дӀагайта гӀерташ бина лехамаш бахьнехь.
- Ферми, Энрико (1901 шеран 29 сентябрь — 1954 шеран 28 ноябрь) — гӀарвелла Италийн а, Америкин а физик-теоретик а, экспериментатор а, квантан физикин бухбиллинчарах цхьаъ, физикин Нобелин совгӀатан лауреат (1938 шо).
- Тьюринг, Алан (1912 шеран 23 июнь — 1954 шеран 7 июнь) — ингалсан математик, логик, криптограф, информатика кхиарна боккху Ӏаткъам бинарг.
ХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |