Абаст-Хьаьжа
Абаст-Хьаьжа | |
---|---|
Говзалла | Динан гӀуллакххо |
Вина терахь | 1825 |
Вина меттиг | Ӏаларой-Эвла |
Кхелхина терахь | 1924 |
Кхелхина меттиг | Ӏаларой-Эвла |
ДӀавоьллина меттиг | Ӏаларой-Эвла |
Къам, некъе | Нохчий |
Да | Назир-Хьаьжа (1790 йа 1800) |
Бераш | кIентий: СаIид (1871), Жаму (1881), Закри, Дауд, Хьасайн, Хьусайн, Дуду, Хьусеха, Халад (1893), МагӀарби-Хьаьжа (1900), йоIарий: Зап, Балшекар, Умал-Курсу (1890) |
Динлелор | Ислам |
Лоруш волу динаш | Ислам |
Назир-Хьаьжин Абаст-Хьаьжа (1825 шарахь, Нохчийчоьнан Курчалойн кӀоштара Ӏаларой-Эвла) — накъшбандин тӀарикъатан шайх, Зандакъара ГӀеза-Хаьжин мурид хилла. Тайпана Ӏаларо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Абаст-Хьаьжа дуьнен тӀе ваьлла 1825 шарахь, Ӏаларой-Эвла. Зандакъара ГӀеза-Хаьжин мурид хилла, накъшбандин тӀарикъатан шайх а хилла. И тӀарикъат хьеха цунна бакъо йелла Ӏаларара Мата-Хьаьжас, ткъа цунна бакъо еллера ГӀеза-Хьаьжас. Абаст-Хьаьжа йа Аза-Хьаьжа цӀарца вевза.
Масех шарахь ваьхна Мескитахь, цигахь имам лаьттира иза. Абаст-Хьаьжин нийсархой хилла Шелара Суоип-Молла, Курчалойра ЯнгӀульби-Хьаьжа, Кхошкельдара Юсуп-Хьаьжа, Митаев Ӏела (Ӏовдин Ӏела), Цоцин-Эвлара Мани, Хьаьпшара Сулим-Хьаьжа. Абаст-Хьаьжас шозза хьаьжа дина (тӀаьххьара — 1908 шарахь).
Абаст-Хьажи шиъ ваша хилла — Эски (1854) а, Талхат (1857) а.
Абаст-Хьажи йиъ зуда а, итт кӀант а, кхоъ йоI а хилла.
Абаст-Хьаьжа кхелхина 1924 шарахь, дӀаверзийна Ӏаларой-Эвлахь, веллачул тӀаьхьа шо даьлчи цуьнан каш тӀехь зиярат дуьйгӀира. Цунна уллехь дӀаверзийна, наха чӀогӀа лерам беш хилла волу, ши кӀант — Халад а, МагӀарби-Хьаьжа а[1].
Вирд
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏуьйра ламаз динчул тӀаьхьа, ламаз карахь долуш. Ас ният ди сай Устаза Абаст-Хьаьжас тӀе диллина вирд даккха, Дела доьхьа Далла АллахӀу Акбар. 3-шахIадат даладо 100-АстагӀфируллахI 500-ЛаилахӀа иллаллахьу 100-салават[2].
Назманашкахь хьахавар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ильмади Цоккуевн назмехь хьахийна Абаст-Хьаьжа: «Марша ва хьо Воккха-Хьаьжа!».
Дала билгалйинчу бешахь
Ахь исламан стоьмаш кхиий.
Сийлахь йолчу Ӏалашонца
Ахьа къона Хьаьжой кхиий!
ГӀеза-Хьаьжа, Кишин-Хьаьжа,
Узун-Хьаьжа, Абаст-Хьаьжа
Хьайца цхьаьна балабелахь
Ахьа тхоьгахьа гӀодоккхуче![3]
Абаст-Хьаьжин цӀе иэсехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Теркан кӀоштан ЧӀулга-Юртахь диллина керла маьждиг Абаст-Хьаьжин цӀарах ду.
Иштта ду ЧӀулга-Юртахь Абаст-Хьаьжин цӀарах урам а[4].