ТӀемлойн декхар
ТӀемлойн декхар — тӀеман я къоман (альтернативан, гражданийн) гӀуллакх дӀакхехьа боьршачу нехан декхар (цхьацца пачхьалкхашкахь зударийн а).
Иштта цуо кхетадо тӀеман ницкъийн могӀарехь тӀом бан декхар (тӀеман гӀуллакхаш хилахь)[1][2]. ТӀеман декхараллех ца ваьлла схьадолу тӀеман гӀуллакх тӀеман заманахь. Амма дукха пачхьалкхашкахь ду тӀемалойн декхар, цуо тардолуьйту гӀуллакх дӀакхехьар тӀеман, иштта маьрша а хенахь.
ХӀора мехкан таро ю билгалъяккха кхайкхаран хан, ткъа иштта кхин хьолаш, билгалдоккху гӀуллакхан дикалла а, дохалла а.
ТӀемалойн декхар хьаладоьду ширачу замане, дӀахьуш ду цхьацца пачхьалкхаша хӀинца а, тайп-тайпана цӀераш техкина. ХӀинцалера система берриг аьлча санна къоман кегийрхойн гӀуллакхе кхайкхар, юкъадаьлла Французийн революцил тӀаьхьа 1790-гӀа шерашкахь, цигахь иза хилира чӀогӀа йоккхачу, ницкъалчу эскаран бух. Дуккхаха долу европин мехкаша тӀаьхьа копи яьккхира оцу системан машаран ханна, иштта наха гӀуллакх дӀахьо билгалчу хенахь 1-8 шарахь боккъалчу гӀуллакхе, ткъа тӀаьхьа дехьабовлу запасе.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Большая советская энциклопедия.
- ↑ Конституция Союза Советских Социалистических Республик . ТӀекхочу дата: 2009 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 9 февралехь