Абазойн къоман байракх
Пропорци | 2:3 |
---|
Абазойн къоман байракх ю цӀен кӀадин тӀехь кӀайчу бесара диллина куьг а, ворхӀ седа а, тӀехула биллина ах гуо а болуш.
ВорхӀ пхиъ са болчу седарчаша гойту хӀинцалерачу абазойн а, абхазийн а дай баьхна ворхӀ историн область. Диллина куьг — машаран, дикалла, хьошаллин символ ю[1].
2010 шарахь официалан чӀагӀйина Кхарачой-Чергазийчоьнан Абазойн кӀоштан байракх[2]. Къоман байракхах иза къаьста седарчийн барамца (пхиъ ворхӀан меттана — кӀоштара эвланийн барамца). Абазойн кӀоштан Кхеташон Бартан текстехь символикех лаьцна иштта кхетам белла:
Диллина кӀайн куьг цӀечу баса тӀехь хилла абазойн къоман хьалхарчу заманахь, Абхазийн паччахьалла йолуш (VIII—X бӀешераш). Оцу пачхьаллин этносан бух биллина хӀинцалерачу абхазийн а, абазойн а шира дайша — абазгаш а, апсилаш а. ЦӀе басо а, айина куьйго а гойту пачхьалкхалла. Цул сов, диллина куьйган сурт ду VIII—XIV бӀешерашкарчу генуян хӀордан карташ тӀехь. ТаьӀна-цӀен байракх тӀехь кӀайн куьг а долуш листира юккъерчу бӀешерашкахь Себастополис гӀалан тӀехула (хӀинца Абхази Республикин коьрта шахьар — Сухум гӀала)[3].
ХӀинцалера Абхазин Республикин байракх тӀехь а ю тера символика[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |