1533 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1529 · 1530 · 1531 · 1532 — 1533 — 1534 · 1535 · 1536 · 1537 |
Итта шераш |
1510‑гӀа · 1520‑гӀа — 1530‑гӀа — 1540‑гӀа · 1550‑гӀа |
БӀешераш |
XV бӀешо — XVI бӀешо — XVII бӀешо |
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 23 апрель — Ингалсан килсо ингалсан паччахьан Генрих VIII-гӀачун зуда Екатерина Арагонан юьту.
- 23 июль — Австрис а, Ӏусманан империс а Истмалаехь барт бина, оцу бертаца Австрис тӀелецира туркойн султанан хӀора шарахь ясакх такха[1].
- Генрих VIII-гӀачо Болейн Анна (1507-1536) ялийна. Папас иза къобал ца дина.
- 1533—1536 — Данехь шайна йукъахь Ӏарш къуьйсуш дов доладелла («графийн дов») Кристиан II-гӀачун а, Кристианом III-гӀачун а йукъахь. Коьртехь Копенгагенан а, Мальмён бургомистраш болу ахархойн а, гӀалахойн а реформацин лозунгашца болчу гӀаттам. Коьртехь епископ Энгельбректсон Олаф волу Норвегин бевзаш болчу наха агӀо лаьцна Кристиан III-гӀачуьнгахьа.
- Мюнстерехь туьйлира Реформацин агӀончаш. Епископ эккхийра. Цига оьхура дукхаха болу анабаптисташ.
- 1533—1535 — Датунехь а, Ляодунехь а салтий карзахбевлла.
- Испанхоша Атауальпа суьде вела, виеран кхелйина, вийна. Куско дӀалаьцна Писаррон эскарша. Лакхара урхалчин Ӏарш тӀе хаийна испанхошна муьтӀахь волу Атахуальпин вешийн берех цхьаъ. Кускохь испанхоша талораш дира Мелхан кашкевнна, Потосехь (Боливи) дӀалецира детин рудникаш.
- 26 июль — Инкийн империн урхалчин Атауальпин испанхойн конкистадораша кхел кхочушйина.
- 15 ноябрь — Куско кхочу Писарро Франсискон экспедици.
- Португалхоша йолийна Бразилин колонизаци, берд бийкъира 15 капитаналлин.
- Сулейман Гоьваьллачун воккхаха волу кӀентан Шехзаде Мустафан Манисера губернатораллин юьхьиг (1533-1541 шераш).
Росси
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1533—1584 — Оьрсийн паччахьалла. Иван Грознин урхалла (1547—1584). 1533—1547 шераш — Боярийн урхалла.
- Пачхьалкхан урхалла деш фактехь яра Глинская Елена, иза йолуш дина пачхьалкхан централизаци еш а, кхерамазалла ойуш а цхьа мог\а белхаш (1533-1538).
Бина
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а: Категори:Бинарш 1533 шарахь
- 28 февраль — Монтень Мишель, французийн философ (велла 1592).
- 24 апрель— Вильгельм I Оранан, Голландин хьалхара штатгальтер, граф Нассаун а, принц Оранан а.
- 7 сентябрь — Ингалсан паччахь-аьзни Елизавета I.
- 27 сентября — Стефан Баторий, Трансильванин эла (1571—1576), Польшин паччахь, Литван сийлахь эла (1576—1586).
- Габриели, Андреа — италин композитор а, органист а тӀаьхьарчу Ренессансан.
- Делла Порта, Джакомо — италин архитектор.
- Эрик XIV — Швецин Васа некъех волу паччахь.
Белла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а: Категори:Белларш 1533 шарахь
- 30 август — Александр Свирский, православин сийлахь стаг.
- 4 декабрь — Василий III-гӀа, москохан сийлахь эла.
- Лудовико Ариосто — италин поэт а, драматург а.
- Атауальпа — Инкийн империн законера урхалча Уаскаран дуьхьала гӀаьттина Кито регионан урхалча.
- Лукас ван Лейден — нидерландийн суртдиллархо а, агархо а.
- Мария Тюдор — ингалсан паччахьан Генриха VII-гӀачун а, Елизавета Йоркан а жимаха йолу йоӀ. Французийн паччахьан Людовик XII-гӀачун зуда, Джейн Грейн денана.
- Фредерик I — Данин паччахь 1523 шеран 26 мартехь дуьйна (паччахь кхайкхийна махках ваьккхина а волуш, вохийна Кристиан II-гӀа), Норвегин паччахь 1524 шеран 23 августехь дуьйна, Шлезвиг-Гольштейнан герцог. ОльденбурггӀеран некъех ву.
- Штос, Фейт — немцойн скульптор, Краковера Мариацан килсехь йина аьгна алтарь.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |