Соьлжа (эрк)
Соьлжа | |
---|---|
гӀалгӀ. Шолжа | |
Амал | |
Дохалла | 278 км |
Бассейн | 12 200 км² |
Хи дайар | 82,9 м³/с (БоргӀане) |
ДӀаэхар | |
Хьост[?] | Ушкорт[1]. |
• Эрк долу меттиг |
Доккха Кавказан дукъ Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородни кӀошт |
• Локхалла | 1200 м |
• Координаташ | 42°55′37″ къ. ш. 44°52′54″ м. д.HGЯO |
Хикхоче | Терк |
• Эрк чекхдолу меттиг | э. БоргӀане (Гуьмсан кӀошт) |
• Локхалла | 28 м |
• Координаташ | 43°26′27″ къ. ш. 46°08′05″ м. д.HGЯO |
Хин охьане | 1,2 м/км |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Терк → Каспий-хӀорд |
|
|
Пачхьалкх | |
Регионаш | Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика |
Код ПХР чохь | 07020001112108200005420[2] |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Соьлжа (гӀалгӀ. Шолжа, оьрс. Сунжа[3]) — Къилбаседа Кавказан малхбален декъера эрк, Теркан аьтту га.
Дохалла — 278 км, бассейнан майда — 12 000[4] км². Хьост — Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басе 1200 м лакхахь. Хин даржаран йукъара барам 3800 г/м³: шарахь хино охьахьо 12,2 млн тонн латта а, гӀум а. Леладо аренашна хи дуьллуш.
Соьлжан некъ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Соьлжа долало ломан Ушкорт массиверчу шешкара, цигара Учхутан ломан рагӀ йоькъуш, шина Сугулта а, Соьлже а ломан чӀоже кхочу. Кхин дӀа ГӀалгӀайчухула къилбаседехьа доьду 37 км гена. Эккажакъоьнгий-Йурт уллехь Соьлжа арадолу масех генца, 12 км охьадоьду Эльдархан-ГӀала кхаччалц. Кхузахь хи малхбалехьа доьрзий Заки-Эвла кхаччалц охьадоьду, ткъа цигара 85 км охьадахчи Терках кхета[5].
Хин раж
[бӀаьра нисйан | нисйан]Соьлжан чохь хи даиман а шорта хуьлу. ЧӀогӀа а, дукха а догӀнаш даьхкичи хи дестий 4 м кхаччалц хьаладала таро ю. Хи деста апрель-май беттанашкахь, Ӏаьнан лайнаш дешачу хенахь а, алсама догӀнаш догӀучу хенахь а. XIX-XX бӀешерашкахь хи гӀорадора, дерриг аьлча санна, цхьаццанхьара хи чехка долу меттигаш йоцурш. Масалаш ду, оьрсийн эскарш шан тӀехула артиллерица а, безачу мохьца а Соьлжех довлуш[6], амма тӀаьхьарчу хенахь хи гӀорош дац, Кавказехь климат кӀадъялар бахьнехь.
Бахамехь пайда иэцар
[бӀаьра нисйан | нисйан]XIX бӀешарахь нохчаша Соьлжин бердаш йисттера хьун хьокхий, бӀаьста хи дистича охьайохьуьйтура ГӀизлара йохка[7]. Соьлжан хи леладо аренашна хи дуьллуш, чӀара лоцуш.
Геннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Аьрру геннаш: Хьач-хи. Аьтту геннаш: Ӏасс, Валарг-хи, Гиха, Марта, ГӀой, Орга, Бас, Гумс.
Соьлжан тӀиера нах беха меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Соьлжан тӀехь ю:
- гӀаланаш – МагӀас, Несара, Эльдархан-ГӀала, Соьлжа-ГӀала, Гуьмсе.
- ярташ – Нижни Комгарон, Сунжа, Эккажакъоьнгий-Йурт, БурскӀелхе, Пхьилинкъоьнгийн-Йурт, Обарг-Йурт, Сипсо-ГӀала, Эна-Хишка, Шовдана-Йурт, СемаӀашка, Закан-Йурт, Хаьмбин-Ирзе, ГӀуларе, Ӏалхан-ГӀала, Ӏалхан-Йурт, Чурт-тогӀи, Баса-ГӀала, БоргӀане.
Филателехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1965 шарахь арахийцира исбаьхьаллин марка латийна конверт «Соьлжа-ГӀала. Соьлжа эркан бердйист»[8].
- 1972 шарахь арахийцира исбаьхьаллин марка латийна конверт изза цӀе йолуш[9].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Устаев А.Л. «География Чеченской Республики» 8-9 кл., Грозный, 2011, стр.20
- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 8. Северный Кавказ / под ред. Д. Д. Мордухай-Болтовского. — Л.: Гидрометеоиздат, 1964. — 309 с.
- ↑ Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
- ↑ «Река Сунжа» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 543, 544.
- ↑ 1965 год . Каталог почтовых марок СССР. 1965 год. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 12 февраль. Архивйина 2010-01-24 — Wayback Machine
- ↑ 1972 год . Каталог почтовых марок СССР. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 12 февраль. Архивйина 2010-01-27 — Wayback Machine
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сунжа — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |