Чулацаман тӀегӀо

Малх

Талларе хьожуш
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Малх

Малх (астр. символ: ☉) — Маьлхан системехь цхьаъ бен боцу седа. Иштта Малхан гонах хьийза оцу системи кхийолу а объекташ: планеташ а, цера спутникаш а, кегий планеташ а, астероидаш а, метиориташ а, кометаш а, космосан чан а. Малхан системин йозалла 99,866 % а Малхан йозалла йу[1]. Малхан зӀенарш ДуьненатӀехь дахар латтадо[2] — фотосинтезан серло оьшу, Малхо климат латтайо. Малх лаьтта водородех (йозаллийн 73 %, чухоаман 92 %), гелийх (йозаллийн 25 %, чухоаман 7 %[3]), иштта а кхоьчу элементашках: эчиг, никель, кислород, кремний, саьнгал, магний, углерод, неон, кальций, хром[4]. 1 млн водород атоман тӀейогӀу 98 000 гелийн атом, 851 кислородан атом, 398 углеродан атом, 123 неонан атом, 100 азотан атом, 47 эчиган атом, 38 магнийн атом, 35 кремнийн атом, 16 саьнгалан атом, 4 аргонан атом, 3 алюминийн атом, 2 никельн а, натрийн а, кальцийн а атом, къеззига кхийолу элементаш а.

Маьлхан йуккъера йукъалла йу 1,4 г/см³. Спектран классификацица Малх йукъабоьдуш бу G2V тайпан («можа буйдол»). Малхан тӀехуле йовхалла 6000 Кельвин тӀекхочуш йу. Цундела Малхан бос кӀай бу. Амма Лаьттан тӀехуле кхачале цуьна бос мажло зӀенарш дӀасаяржарна бахьнехь а, спектран йоцатулгӀенаш долу дакъа атмосферас худар бахьнехь а.

Малхан спектрехь ду ионизаци йина а, яза а металлий а, ионизаци йина водородан а сизнаш. Вайн Галактикехь бу 100 млрд сов седарчий[5]. Царех 85 % бу Малхал кхоьлина (дукха хоьлехь цӀен буйдолш). Коьрта рогӀалле массо а седарчий санна Малхо термоядерни синтезца йоккху энерги. Дукха хьолехь иза йу водородах гелий хилча йолу энерги.

Малх Дуьненна 149,6 млн км генахь бу (цхьаъ астрономан барам), ДуьнентӀера хожуш хенахь цуьна сонан барам бу 31-32 сонан минута (Баттан санна).

Малх бу 26 000 серлонан шо генахь Шуран некъан йуккъера. Цунна гонахь хьийзаш Малхо цхьа го боккху 200 млн шарахь[6]. Малхан орбитин сихалла йу 217 км/с — иштта цо цхьаъ серлонан шо некъ бо 1400 Дуьненна шарахь, цхьаъ астрономин барам — 8 дийнахь-буси[7].

ХӀокху хенахь Малх бу Орион пхьошан йуккъера йистехь, Персей пхьошан а, Стрелец пхьохан йукъахь, иштта цӀейоккху «Меттиган седарчий йукъаран мархан» чохь — дукъалла сов ялла меттигахь. И меттиг йу, шен рогӀехь, дукъалла кезиг йолу «Меттиган лоппагехь» — яьржина йовха седарчийн йукъара хӀон меттигехь. 17 серлонан шо гонахь болучу 50 уллера седарчий системан йукъахь Малх бу массарелла сирлачарехь боьулгӀа — цуьна абсолютны седарчийн йоккхала йу +4,83m.

Малх багар гойтуш видео

Коьрта кхетамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Малх йукъабоьдуш бу седарчий хьалхара тайпан йукъа. Цхьана яьржина Малх системан кхолларал теорис дуьцу иза цхьаъ я масийтта тӀехь-керла седарчий аьккхара бахьнехь кхоллаелла[8]. Оцу моттар бахьан ду Малхан системехь тӀех сов деши а, уран а хилара. Уьш кхоллаелла оцу эккхар бахьнехь хилла эндотермически реакциш бахьнехь я элементан ядерни хицаялар.

Малхан зӀенарш йу Дуьненахь коьрта энергин хьост. Цуьна нуьцкъала гойту Малхан постоянныс — Малх зӀенаршна перпендикулярни йолу майдан барамех чекхйолу нуьцкъала дукхалла. Цхьаъ астрономан барам Малхан генахь (Дуьненна орбитехь) иза йу 1,37 кВт/м² гергга.

Атмосферех чекхъялча малхан зӀенарш цхьайолу нуьцкъала йойъу. Латтан тӀекхочу 1000 Вт/м² герга нуьцкъала (сирлачу дийнахь Малх зенитехь болуш хенахь). Оцу нуьцкъалас дакъа лоцу тайп-тайпана Ӏаламан а, искусственни а процессашкахь. Иштта, ораматаш пайда оьцу цунах фотосинтезца а, органически хӀумни синтезца а, кислород дӀаккхарца а. Термоэлементашца я фотоэлементашца Малхан зӀенаршах нуьцкъала баккхало, я кхи пайда эцало. Дукха хан хьалха фотосинтез бахьнехь ӀаӀина нуьцкъалла мехкдаьттанчохь а, кхоьчу тайпан маьӀдани ягоргашкахь а.

Малхан ультрафиолетан зӀенарш антисептикан билгалонаш йолуш йу. Цундела цаьрца дезинфекци я мегарду. Иштта ультрафиолетан зӀенарш чкъор дагадо, уьш бахьнехь организмехь D витамин хуьлу. Ультрафиолетан зӀенари Ӏаткъам озонан чкъора гӀелйо, цундела ультрафиолетан эвсаралла чӀогӀа хийцало шораллица.

Дийна делкъехь Малх ана тӀоьхула лаьтта маьӀиг Ӏаткъам йо дукха тайпан биологи адаптацин. Масала, и бахьнехь тайп-тайпана меттигашкахь Ӏашболу неха чкъоран бос хийцало[9].

Дуьнен тӀера гуш болу стигалхулу Малхан некъ шарахь хийцалушбу. Малха стигалхулу шарахь беш болу некъан цӀе аналемма йу. И некъ бу къилбера къилбаседе дъасаоьзна «8» цифран тера бу. Массарелла къесташ болу Малх меттиган хийцам бу къилбера къилбаседе техкар 47° амплитуда йолуш. Цуьна бахьан ду Дуьнен экватор эклиптики экъан 23,5° охьатаӀар. Оцу техкаре кхи цхьаъ дакъа ду малхбузе — малхбале дирзина. Цуьна бахьан ду Дуьнен орбитан сихалла лакхаялара иза перигелий тӀе кхочуш а, орбитан сихалла лахъялара иза афелий тӀе кхочуш а. Оцу шина меттаххьер хьалхарниг (къилбера къилбаседе) шеран заманаш хийцаялар бахьан ду.

Кхоьчу Малх системан планеташ тӀера хаьжча дустаран Малхан барамаш

Дуьне афелийх чекхдолу июль бутт болалуш хенахь. Таккха иза доьдуш Малхана 152 млн км гена долу. Дуьне перигелийх чекхдолу январехь. Цул тӀеха иза тӀедоьду Малхана 147 млн км улле[10]. Оцу шина терахь йуккъехь Малхан диаметр хийцало 3 %[11]. Афелийн а, перигелийн а геналла башхал 5 млн км хилар бахьнехь афелийхь Дуьненна 7 % йовхо кезга кхоча. Цундела аьхкенаш къилбаседе дуьненан эхигехь жимма шило йу, амма Ӏанош жимма йовха йу къилбера дуьненан эхигехьчулла.

Малхан йу чӀогӀа мисарболтана майда. Оцу майдин ницкъ даимна хийцалуш бу. ХӀора 11 шарахь цьуна хьажор хийцало Малхан максимум болуш хенахь. Оцу мисарболат майдан хицами дукха тӀехьонаш йу. Оца тӀехьонех Малхан жигаралла олу. ТӀехьонашна йукъайогӀуш йу Малхан таммагӀаш а, Малхан эккхарш а, Малх мохан хийцабалар а, и. к. д. Дуьненан тӀехь Малхан жигаралла бахьнехь хуьлу мисарболатан дарц а, Къилбаседанан нур дагар а. Цара вон Ӏаткъам бо зӀенан а, электроэнергетикина а, са долчу хӀумнашна а (корта лаза бокху, хьал талхадо)[12][13]. Схьахетарехь Малхан жигараллас доккха дакъа лецна Малхан система кхоллалуш а, кхиуш а. Иштта а Малхо боккха Ӏаткъам бо Дуьне атмосферан хӀоттаме.

Малх бахаран цикл

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Малх кхозлугӀа тӀаьхьена къона седа бу эчигий доккха дакъа долуш. И бохург ду Малх кхоллабелла хьалхара а, шозлугӀа а тӀаьхьена седарчех бухадисинчунах.

ХӀинцалера компьютер моделица йустина Малх болу хан йу 4,57 млрд шо гергга[14].

Малх санна беза седа баха беза 10 млрд шаран герга. Цундела Малх шен дахаран йуккъе кхаьчна.[15].

ХӀокху хенахь Малхан тӀумехь йодуш йу водородах гелий хуьлуш термоядерни реакци. ХӀора секундехь Малхан тӀумехь 4 млн тонн хӀумахь зӀенаре нуцкъалла а, нейтрино а хуьлу.

Малхо шен водородан ягорг мел йойа иза бохло, цуьна серло сов йола. Кхиа 1,1 млрд шо делча Малх хӀинцачул 11 % сирла хирабу[16]. Малхан серло сов ялар бахьнехь Дуьне тӀех довха хирду цу тӀехь хӀинцлерачунах дахар хила. Амма хӀордаш чохь дахар диса мега[17]. Иштта дахар диса мега полюсашна уллехь. Пенсильвани университетан профессор Дж. Кастингс хьадийцарехь [18], Малхан серлао совъялла Дуьненан тӀера дахар[19] дӀадала мега Малх цӀен гигант мур тӀекхачали, 1 млрд шо даьлча[20][21].

3,5 млрд шо даьлча Малхан серло 40 % сов ераю[16]. Цу хенахь ДуьненатӀера хьал таханлера Венери тӀехь долчунах тера хирду[17]: вода с поверхности планеты исчезнет полностью и улетучится в космос[17]. И бахьнехь Дуьненна тӀехь массо а тайпа дахар хӀаллак хирду. Малхан тӀера водород ягаре терра цуьна тӀоьхлара чкъор шорлурду, ядро жимлурду, дохлурду.

Цул тӀехьа Малхо 3 млрд шарахь дисин водород дагорду. Кхиа 700 млн шарахь субгигантан муре кхочурду[17]. Оцу хенахь Малхан диаметр 1,6-2,3-за боккху хирбу, цуьна йовхо лахлур йу 4900 Kельвин кхаччалц[17].

7,6-7,8 млрд шо даьлча[17][22] Малхан тӀум дукха йохъелла цунна гонах долу чкъорехь водород дага долалурду[22]. И бахьнехь Малхан чкъор деста долалурду. Малх цӀен гигант хир бу[22]. Оцу хенахь Малхан радиус 256-за йоккха хир йу хӀинца йолчунга хьаьжча[22]. Малх бестар бахьнехь цуьна сирлалла 2714-за жимлур йу, цуьна чкъор 2650 К кхаччалц шеллурду[22].

Схьахетарехь цу хенахь шорлушдолу Малхан тӀоьхулу чкъорнеш таханлера Дуьненна орбите тӀекхочурду. Талламаш гойту Малха шен 28 % йозалла яйалера[17] Дуьне Малхан генара орбите тӀедераду. Цундела Малхан тӀоьхула чкъорнаш Дуьненах тӀекхочурдац[20][23].

Амма 2008 шарахь бина талламаш гойту Дуьне схьахетарехь дӀахьулдира хирдар Малхан чкъораца зӀе хилар бахьнехь[22]. Деррига Дуьне Малхо дӀа цу хулдехь а, ДуьнентӀера деррига хих Ӏа хира йу, Дуьненан атмосфера онда Малхан мохо дӀайоккхура йу[24].

Оцу мурехь Малх леттира бу 10 млн шо герг. ТӀакха цуьна тӀум 100 млн. К йохъеллчултӀехь гелийн эккхар хир йу. Йолалура йу гелийх кислород а, углерод а хуьлуш термоядерни реакци[17].

Шена керла нуьцкъала хьост карийча Малх жимлурбу 9,5 R☉ кхаччалц[17]. 110 млн шо даьлча Малхан тӀера гелий дӀаера йу. ТӀаккха Малх йуха а бестара бу, йуха а иза цӀен гигант хира бу[17]. Оцу мурехь Малхан тӀех онда эккхарш хира йу, цуьна серло хӀинцлера чулла 5200 сов ераю[17][25]. Иза хирду йисина гелий термоядерни реакцехь дакъа лаца доладалар бахьнехь[25]. Оцу хьолахь Малхо 20 млн шо доккхура ду[17].

Малхан йозалла тоьуш йац тӀехкерла седа хилла эккха. ЦӀе гигант мур чехкбелча йовхон яттаялар бахьнеь цуьна тоьхлара чкъор дӀадераду. Оцу чкъорах хира йу планетан дохк. Оцу дохкан йукъахь хира йу Малхах йисна кӀай буйдол — Дуьненан барамехь чӀогӀа еза а, йовха а объект[17]. Дуьххьара дӀа оцу будол тӀехулле йовхо хира йу 120 000 К[17]. Цуьна серло хира йу 3500 Малхан серло[17], амма масийтта млрд шарахь иза шеллур а йу, кхоллалур а йу. Оцу тайпа дахаран цикл йу массо а жима а, йуккъерачу барамехь беза болчу а седарчий.

Малхан тӀум

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Термоядерни реакциш йолу 150—175 эзар км радиус йолу Малхан йукъехь (Малх радиусан 20-25 %) Малхан тӀум олу[26]. Малхан тӀумехь хӀуман йукъалла 150 000 кг/м³ йу[27] (150-за хин дуькъалла сов, Дуьненахь массарелла деза осмий боху металлал 6,6-за сов. Малхан тӀумехь 14 млн К йовха йу. SOHO аьлла космосан аппарато яийтина информацис гайтина Малхан тӀум Малхан чкъоралла дуккха а сиха хьийзар[14][26].

Малхан тӀум чохь йодуш йу протон-протонан термоядерни реакци. Иза йодуш еа протонах цхьаъ гелий-4 атом хуьлу[28]. ХӀора секундехь Малх хӀуман 4,26 млн тоннех серло хуьлу. Амма иза вуно къезга ду Малхан йозалле хьажча — 2×1027 тонн.

ТӀуман тайп-тайпан дакъош бокхуш болу нуьцкъалла Малхан йуккъе кхаччалц болу некъе хьаьжна бу. Нисса йуккъехь иза бу, теорис ма дийцара, 276,5 Вт/м³[29]. Иштта адаман чухоаме (0,05 м³) кхочу 285 Ккал/дийнахь (1192 кДж/дийнахь). Иза ду иттуза сов адаман дегӀо йоккхучу йовхонал къезга. Дина Малхо йоккхуш йолу декъан йовхо кхиа бӀоза кӀезга йу. Цундела Малхан ягорг (водород) масийтта милиард шаран тоьа.

ТӀум — Малхан тӀехь цхьаъ бен йоцу меттиг йу термоядерни реакцех нуьцкъалла а, йовхо а йоккхуш. Дисин Малхан дакъа оцу йовхоно дохдеш ду. И ериг нуьцкъала а, йовхо а Малха массо а чкъорах чекхйолу тоьхлара чкъотӀе кхаччалц. Малхан тоьхлара и йовхо а, серло а дӀасайоду[30][31].


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Солнце // Физика Космоса: Маленькая энциклопедия / Под ред. Р. А. Сюняева. — 2-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1986. — С. 37. — 783 с. — ISBN 524(03).(Хьаьжина 19 сентябрехь 2011)
  2. ЗАМЫСЕЛ СВЕТА Архивйина 2009-05-24 — Wayback Machine
  3. Basu, Sarbani; Antia, H. M. (2007). "Helioseismology and Solar Abundances". Physics Reports. Дата обращения: 2008 ш. 02 сентябрехь.{{cite journal}}: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) Архивйина 2008-01-27 — Wayback Machine
  4. Manuel O. K. and Hwaung Golden (1983), Meteoritics, Volume 18, Number 3, 30 September 1983, pp. 209—222. Online: http://web.umr.edu/~om/archive/SolarAbundances.pdf(retrieved 7 December 2007 20:21 UTC) Архивйина 2005-03-01 — Wayback Machine.
  5. Звезда класса G2
  6. Астрономы взвесили чёрную дыру в центре Млечного Пути. Lenta.ru. Архивйина 2012 шеран 22 январехь
  7. Kerr F. J.; Lynden-Bell D. (1986). "Review of galactic constants" (PDF). Monthly Notices of the Royal Astronomical Society. 221: 1023—1038.{{cite journal}}: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list)
  8. Falk, S. W.; Lattmer, J. M., Margolis, S. H. (1977). "Are supernovae sources of presolar grains?". Nature. 270: 700—701.{{cite journal}}: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list)
  9. Barsh G. S., 2003, What Controls Variation in Human Skin Color? Архивйина 2021-03-13 — Wayback Machine, PLoS Biology, v. 1, p. 19.
  10. Windows to the Universe Архивйина 2007-10-26 — Wayback Machine
  11. Перигелий и афелий. Астронет. Архивйина 2011 шеран 11 августехь
  12. "Магнитные бури: природа и влияние на человека. Справка". РИА Новости. 30 октября 2009. Дата обращения: 2012 ш. 07 июнехь.
  13. Бреус Т. К. Космическая и земная погода и их влияние на здоровье и самочувствие людей. В книге «Методы нелинейного анализа в кардиологии и онкологии. Физические подходы и клиническая практика». УНИВЕРСИТЕТ КНИЖНЫЙ ДОМ, Москва 2010 (pdf, 6,3Mb)
  14. 1 2 Bonanno, A.; Schlattl, H.; Patern, L. (2002). The age of the Sun and the relativistic corrections in the EOS (PDF). Astronomy and Astrophysics 390: 1115—1118.
  15. Goldsmith, D. The search for life in the universe / D. Goldsmith, T. Owen. — University Science Books, 2001. — P. 96. — ISBN 9781891389160.
  16. 1 2 Sackmann, I.-J.; Boothroyd, A. I.; Kraemer, K. E. (1993). "Our Sun. III. Present and Future". Astrophysical Journal. 418: 457—468. Дата обращения: 2007 ш. 31 мартехь.{{cite journal}}: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list)
  17. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Pogge, Richard W. The Once and Future Sun (инг.) (lecture notes). The Ohio State University (1997). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 27 декабрь. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  18. Печальное будущее Земли. KM.ru. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 28 март. Архивйина 2013 шеран 3 апрелехь (ТӀе цакхочу хьажорг)
  19. Леонид Попов. Далёкая звезда осветила планы спасения Земли от смерти Солнца. Membrana.ru. — «Пред лицом красного гиганта, в которого превратится Солнце, на нашей планете останется не так уж много следов техногенной цивилизации. Да и то – ненадолго. Поглощение и испарение ждёт Землю. Если люди далёкого будущего не предпримут грандиозный опыт по перемещению своего мира.» ТӀекхочу дата: 2013 шеран 28 март. Архивйина 2013 шеран 3 апрелехь Архивйина 2013-09-21 — Wayback Machine
  20. 1 2 Schröder, K.-P.; Smith, R.C. (2008). "Distant future of the Sun and Earth revisited". Monthly Notices of the Royal Astronomical Society. 386 (1): 155. arXiv:0801.4031. Bibcode:2008MNRAS.386..155S. doi:10.1111/j.1365-2966.2008.13022.x. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра) See also Palmer, J. (2008). "Hope dims that Earth will survive Sun's death". New Scientist. Дата обращения: 2008 ш. 24 мартехь.
  21. Carrington, D. (2000-02-21). "Date set for desert Earth". BBC News. Дата обращения: 2007 ш. 31 мартехь.
  22. 1 2 3 4 5 6 K. P. Schroder, Robert Connon Smith (2008). "Distant future of the Sun and Earth revisited". Monthly Notices of the Royal Astronomical Society. 386: 155—163. doi:10.1111/j.1365-2966.2008.13022.x.
  23. Guillemot, H.; Greffoz, V. (Mars 2002). Ce que sera la fin du monde (франц.). Science et Vie № 1014.
  24. Minard, Anne (May 29, 2009). "Sun Stealing Earth's Atmosphere". National Geographic News. Дата обращения: 2009 ш. 30 августехь.
  25. 1 2 Г. Александровский. Солнце. О будущем нашего Солнца. Астрогалактика (2001). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 7 февраль. Архивйина 2013 шеран 10 февралехь
  26. 1 2 García, R. (2007). "Tracking solar gravity modes: the dynamics of the solar core". Science. 316 (5831): 1591—1593. Bibcode:2007Sci...316.1591G. doi:10.1126/science.1140598. PMID 17478682. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка); Неизвестный параметр |coauthors= игнорируется (|author= предлагается) (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (неподдерживаемый параметр)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  27. Basu; Chaplin, William J.; Elsworth, Yvonne; New, Roger; Serenelli, Aldo M.; et al. (2009). "Fresh insights on the structure of the solar core". The Astrophysical Journal. 699 (699): 1403. Bibcode:2009ApJ...699.1403B. doi:10.1088/0004-637X/699/2/1403. {{cite journal}}: Указан более чем один параметр |work= and |journal= (справка); Недопустимый |ref=harv (справка); Явное указание et al. в: |author= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (явное использование et al.)К:Википедия:Ошибки CS1 (избыточный параметр)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  28. Broggini, Carlo (26—28 June 2003). "Nuclear Processes at Solar Energy". Physics in Collision: 21. arXiv:astro-ph/0308537. Bibcode:2003phco.conf...21B. {{cite journal}}: Проверьте значение даты: |date= (справка); Недопустимый |ref=harv (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  29. Table of temperatures, power densities, luminosities by radius in the Sun Архивйина 2001-11-29 — Library of Congress Web Archives. Fusedweb.llnl.gov (1998-11-09). Retrieved on 2011-08-30.
  30. Zirker, Jack B. Journey from the Center of the Sun. — Princeton University Press, 2002. — P. 15—34. — ISBN 9780691057811.
  31. Phillips, Kenneth J. H. Guide to the Sun. — Cambridge University Press, 1995. — P. 47—53. — ISBN 9780521397889.

Маьлхан суьрташ: