Исбаьхьаллин кхоллам
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Исбаьхьаллин говзар[1], Исбаьхьаллин кхоллам — эстетикан мехалла йолу объект; адаман белхан[2] исбаьхьаллин кхолламаллин материалан сурсат (исбаьхьалла)[3].
Исбаьхьаллин кхолламаш боху кхетаман чу богӀу кхолламаш Сурт дилларан говзалла (Ӏалам диллар, декоративан-прикладан говзалла, скульптура, сурт, кхин а); исбаьхьаллин литературин тексташ (романаш, повесташ, дийцарш, кхин а); архитектурин йа ландшафтан дизайн; музыкин композицеш йа импровизацеш; театран, балетан йа операн хӀиттамаш; кинематограф; мультипликаци; ткъа кхин, хьалхарчу рогӀехь шен исбаьхьаллин сий гуш йолу, массо объекташ. Иштта гӀерта хӀокху йукъатоха цхьаболу кхолламаш, масала компьютеран ловзарш (оьздангаллалогашна йукъахь къовсаме ду[4], амма 2011 шарахь дуьйна компьютеран ловзар официалан къобал дина АЦШ шакепара исбаьхьаллин кеп) кхин а.
Исбаьхьаллин кхолламан билгало хуьлу эстетикан мехаллин тӀегӀанца[5]. В. Кандинскин хетарехь, «бакъболу исбаьхьаллин кхоллам кхоллало тамашийна кепара „исбаьхьалчин чуьра“»[6]. М. Бахтина йаздина, исбаьхьаллин кхоллам йукъарло лелош бу авторан кхетамна а, реципиентан (дешархо, хьажархо, ладогӀархо) кхетамна[7] а.
Исбаьхьаллин кхолламаш кхин а коьртачу объектех цхьаъ бу авторан бакъонехь, аьлча а авторо ша бо кхоллам.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Вагапов Ӏ. Д. Словарь неологизмов чеченского языка . — Грозный: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2007. — С. 55. — 144 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-900231-32-7.
- ↑ Вопросы философии , Выпуски 5-8. — Правда. — С. 69.
- ↑ Философия для студентов технических вузов. Краткий курс. — Издательский дом «Питер». — С. 304. — ISBN 9785947238075.
- ↑ Деникин А. А. Могут ли видеоигры быть искусством? // Международный журнал исследований культуры, № 2(11), 2013. — М.: Эйдос, 2013, с. 90-96
- ↑ Произведение художественное . Словарь «Искусство». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 14 октябрь. Архивйина 2012 шеран 2 июлехь Архивйина 2022-06-10 — Wayback Machine
- ↑ Владимир Петрович Зинченко, В. П. Большой психологический словарь. — Olma Media Group. — С. 439.
- ↑ Петренко, В. П. Основы психосемантики Авторы: Виктор Федорович Петренко. — Издательский дом «Питер». — С. 321. — ISBN 9785947235272.
ХӀара Исбаьхьаллех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |