Зул-къаӀдат
Зул-къаӀдат | |
---|---|
Цул хьалхарниг | шаввал |
Цуьнан рогӀераниг | зул-хьижжат |
Йохалла | 30 де-буьйса[1] |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 11 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: кхаара |
Зӯл-къаӀдат йа зул-къиӀдат (Ӏаьр. ذُو الْقَِعْدَةِ) — иза исламан рузманан йа беттан шеран цхьайтталгӀа бутт бу. Иза Къуръан чохь хьахийначу бихкинчу беа баттах хьалхарниг бу. Иза бусалбачарна шена чохь тӀом бан цамегарг бу, Дала Къуръан чохь аьлла дела: ﴾Баккъалла а, Далла гергахь беттанаш шийтта бу. Иштта дӀайаздина хилла Жайнахь [Лавхьул-Махьфуз чохь] Дала стигалш а, латта а кхоьллинчу дийнахь. Царах биъ бутт [зул-къаӀдат, зул-хьижжат, мухьаррам, ражаб] — бихкина бу. Иза [бутт бехкар] — бакъ дин ду. Цундела царна чохь [оцу дихкинчу беттанашкахь] шаьш-шайна зуламаш ма де. ТӀомбе массара а цхьаьна берриге а мушрикашца, цара шуьца массаьрца [йа массара а цхьаьна] тӀом ма-барра. АллахӀ — [Шех] кхоьручаьрца вуйла а хаалаш﴿ [Къуръан 9:36].
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цу беттан цӀеран маьӀна «охьаховшаран бутт» бохург ду. Оцу баттахь соцуш хилла кхерсташ лелар.
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ العجيري ص. التقويم الهجري (Ӏаьр.) — مدينة الكويت: مكتبة العجيري, 1988. — С. 23. — 140 с.