Баккхал
Баккхал (турк. bakkal — хасстоьмаш духкург, Ӏаьр. بَقْلٌ — бецаш, хасстоьмаш[1]) — бахамехь уггаре хьалха оьшу декъа сурсаташ, ахфабрикаташ, консерваш, ткъа иштта цхьайолу бахамехь ца хилча ца долу сурсаташ (саба, хӀуманаш юьтту порошок, сирникаш)[2]. Дуа сурсаташ дохкаран агӀора хьаьжчи, баккхалан сурсаташ къаьсташ хуьлу алсама латтарца, лело атта хиларца, нисса дуьхьала гастрономинчарна, уьш даа кийчча хуьлу, деза а хуьлу, латто башха хьолаш а деза.
Революцил хьалхарчу Россехь баккхал чохь духкура декъа дуа сурсаташ — хьалха стоьмийн аьхкаш, кхагарш, тӀаьхьа чай, шекар, къаьхьуо, дама, Ӏов, чам бийригаш. Цул тӀаьхьа баккхал ала долийра иштта сурсаташ цхьацца духкачу жимачу туькнах я йоккхачу туькан декъах. Баккхалан я туькан дех олу баккхалхо.
1950-гӀа шерашкахь дуьйна Советийн Союзехь бахархошна баккхалан сурсаташ духкура ССРС Йохк-эцаран министраллин йукъара Коьртабаккхало. Советийн законашца хӀоттийра баккхалан белхалочун белхан меттиган, гӀирсан таран, кхечу йохк-эцаран аспектийн жоьпалла[2], тӀедожадора зуламан сагалматашца а, дехкашца а тӀом латтор.
Таханлерачу йохк-эцаран классификацица дааран баккхалан сурсаташна йукъа догӀу: Ӏов, дама, гарзнаш, шекар, крахмал, юурган концентраташ, совсорг, чай, чайн маларш, къаьхьуо, къаьхьуон маларш, бецан даьттанаш, туьха, къонза, чам бийригаш[3]. Шелдаран гӀирс бахьнехь, таханлера цӀера туькан чохь юхку баккхал а, иштта гастрономин сурсаташ а, царна йукъахь жижиган а, шуран а сурсаташ, ткъа иштта керла даьхна стоьмаш а, хасстоьмаш а.
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Баккхал Ӏоманера эвлахь
-
Баккхал ХӀиндера Талипарамбехь.
-
1916 шарахь дӀайиллина баккхал Piggly Wiggly хилира ша шен гӀуллакх дарехь дуьххьарлераниг.
-
Баккхалан туьканаш Ванкуверехь, 1909 шо гергга
-
Детройтехь, Мичиган, 1922
-
Гонконгера Cheung Hong микрокӀоштера баккхал
-
1936 шарахь АЦШхь дохка совдевлла дааран сурсаташ
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ бакалея // Этимологический словарь русского языка = Russisches etymologisches Wörterbuch : в 4 т. / авт.-сост. М. Фасмер ; пер. с нем. и доп. чл.‑кор. АН СССР О. Н. Трубачёва, под ред. и с предисл. проф. Б. А. Ларина [т. I]. — Изд. 2-е, стер. — М. : Прогресс, 1986—1987.
- ↑ 1 2 Бакалейные товары в СССР
- ↑ Кондрашова Е. А., Коник Н. В., Пешкова Т. А. Товароведение продовольственных товаров. — М.: Альфа-М, 2007. — С. 21. — 416 с. — ISBN 978-5-98281-108-0.